Махкана кхиийра
Ахьа хьайн бераш,
Іамош уьш къийсамехь
Толамаш баха.
Халкъана замано
Кховдийча зераш,
Заводе хІоьттира
Доьзалан нана.
Хьо паргІат яцара
Буьрсачу дийнахь,
ТІеман цІе вайн махкахь
Кхерста йоьлчхьана.
Яцара халонна
Хьайн букъ берзийна
Къинхьегамна тІера
Доьзалан нана.
Асланбек хьажийра
Толамаш баха,
Іамийна Іожаллех,
ТІамах ца кхера
Ханпаша Іамийра
МостагІий баго,
Мохк ларба гІаттийна
Ойланехь дера.
Юха а дуьйлира
Седарчий къега,
ДІаяьлла махкана
Кхераме зама.
БІаьхой цІа бирзира
Доьзалех кхета,
Езарца шайн мара
Къевлира нана.
Шераша сердина
Коьртан чоьш ненан,
Доьлучу бІаьргийн цІе
Исбаьхьа йогу,
Амма шен дог доцуш
Цуьрриг а къена,
Дахаран толамехь
И хьалха йогІу.
|