*  

      

  *  





: ДоттагІалла, 1958, № 1, с. 42–43
   




Хасмохьмад Эдилов




Болатан пхьагал
(Дийцар)



    Тийна хІаваъ долчу хенахь, даккхийчу чимашца дилланчу, къегинчу керлачу лон тІамарш диттийн генаш тІехь, бамба санна, Іохкура. Къегина хаза де кховдош, лакхаболуш боллучу малхо хьоьстучу ло тІехь хІуьттучу седарчаша бІаьрса дІаоьцура. Исс иэр тхайца а долуш, шалго тоьпашца, гІепашца вуьрхІитта стаг вара тхо, лар йоцчу, шерачу ло тІехь ситтина некъаш тІехьадуьтуш, воьдуш верг.

   — «Аргун» цкъа лар тІе даьлча, пхьагал сан тоьпан Іалашонна тІехаа еза,— элира Мусас.

   — Кхин-м ца хаьара, тоьхча топ кхоччехь цкъа бІаьрг кхетча, кхакханах санна, кан дІа-м вай а тосуьйтур дара,— элира, кочара схьаэцна, топ буйнахь ловза а еш вогІучу Нохьас.

   — БІе метр генара йийра аса сайн тоьпаца пхьагал,— чІагІдора кхозлагІчо.

   — ДІаяккхахьа хьан топ. Иза-х иттазза йожийча а йолуш яц. Сайниг ю хьуна топ. Кху чуьра араяьлла цхьа чаччам дІакхетча экха кхин ког дІабоккхуш ца хуьлу,— бохура кхечо.

   — И чаччам цкъа а дІакхеташ-м яц,— аьлла, гонахарчийн къамел хадийра ирчу дешан корматалла йолуш волчу Якъуба.

   Цу къамелашка ладоьгІучунна моьттур дара, баттана тІебоьгІначу механа топ тухур йолуш иччархой тхо ду а, стигалхула лела олхазар лоцуш тхан эраш ду а.

   ГІехь юькъа йолчу бІаьлланган хьуьнах чудуьйлира тхо. Пурх ерзийна лаьцначу тоьпан ши юьхьиг диттийн, лоно саттийнчу генех дІахьакхалур йолуш болчу, готтачу новкъа дІадоьлхура тхо. Генаш тІера тІеоьгу ло дегаза хиларна, хьунан юккъе вала цхьаннан а карах ца долура. Ло тІехь гуш экханан лар яцара.

   ЦІаьххьана цхьана эран ІанцІ делира некъан йисте, хьуьн чухь. Новкъахь долчу вукху эрашна хьалхха нислуш, пхьагал новкъа иккхира. Тайп-тайпанчу маьхьаршца эраш шена тІехьаьлхича, деха ши лерг букъца дІа а дижийна таллархой болчу агІорхьа схьаедира иза.

   Цу готтачу новкъахь эран летар хезча, сецначу вуьрхІитта таллархочо шоз-шозза топ а кхуссуш, цхьаболчу таллархошна когаш юккъехула а эккхаш, пхьагал дІаяхара. Кхоьссина топ экханна дІа ца кхетча, кхаа пІелгах йина «гІишло» гойтуш дара таллархойн Іедал. Амма хІинца и гайта йиш йолуш цхьа а вацара.

   «Аса, тІусик тІе юьхьиг а таІийна, туьйхира топ»,— цхьаммой, «аса кан дІатасийтира»,— вукхой, «аса тоьхча, горъяхара» — кхозлагІчой… маьхьарий деттара, доцу цІий а, чо а ло тІехь карадой, хьуйсура тхо.

   — И пхьагал ца йийча, вай цІа даха мегар дац! — аьлла, сацийра оха.

   — Делкъал тІаьхье хиллалц лорах а лелла, пхьагал кхин цкъа а гІаттийра, ткъе ейттазза юха а топ кхоьссира, амма я чо а, я цІий а карош дацара. Исс эро кІоргачу лайлахула эккхийна лелийна, гІел а йина, пхьагал схьалецира. ЦІока схьа а яьккхина, хьаьвсича, чаччамо бина цхьа зил а ца карийра тхуна.

   — Болатан хилла и пхьагал,— элира юххехь цхьаммо.

   — Хилла, дера, я и болатан хилла, я вайн тоьпийн шедагаш гома хилла,— элира Якъуба.

   Дийладала дог ца догІура тхан. Сарралц леларна кІадделлий, тІехь ло дашарна мачаш а, хечеш а яшийний, цІа дирзира. Ткъа «болатан» пхьагал, екъа а екъна, эрашна дІатесира.




к генеральному каталогу библиотеки

к каталогу раздела «Литература»

Подпиши!



Hosted by uCoz